Шайх Мухьаммад Хьассанан собар.
Шайх Мухьаммад Хьассанан дарсехь цхьаммо хьала а гlаьттина гlовгlа эккхийтинера, дарс доьдуш долуш. Цуьнан латийнарг инстаграм чуьра эфир ма яц, телевидени ю, эфир дlа а гуш дуьненна а, чохь хьалха хиина lаш масех бlе адам ду. Оцу дерригена юккъехула цхьаммо хьалагlоттий, мохь хьоькхуш гlовгlа йоккху, Шайх Мухьаммад Хьассан шен къамелах хадош, шен дарсах хадош. Тlаккха Шайха и валлалц цуьнга ла а дугlий, вела а къежий, олу:
«Хlара санна йолчу меттехь со собарца чекхвалийта аьлла, Деле собар доьхуш, деккъа цу хlуманна цхьа хьаж дина ас, деккъа цу хlуманна лерина, кхин цхьа а дolа хьаж-цlа вахча дийр а доцуш, амма хlара санна болчу нахаца со собаре чекхвалийта аьлла Деле доьхуш, къаьсттина кху хlуманна хьаж дина ас», - аьлла, кхидӀа шен дарс дира хlумма хила а ца хилла санна.
дийцинаг lадлан Харачо
>>Click here to continue<<