✅Эхь дlадалар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду цара адамера эхь дIадаккхар... Массо дикачу хIуманан бух бу иза, и дIадалар - дерриге дика дIадалар ду... Къиноша легара эхь гIелдо, дерриге дIадала а тарло, тIаккха шегахь долу боьха хьал нахана довзарх хIумма а ца хеташ, мелхо а, дукха хьолехь цара шаьш дуьйцу нахе шаьш лелош долу боьха мел дерг, цара и лелоран бахьана - цаьргара эхь дIадалар ду, ткъа лай цу хьоле кхаьчнехь, иза нисваларе кхин сатийсам а бац!».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 106]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim
>>Click here to continue<<