✅Къа боьха цахетар
Ибн Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цунах) аьлла:
«Къинойн ирчачу тIаьхьалонех ду и къа боьха хетар дагчуьра дIадалар, цуьнан Iадате дерзар и къа, массо нахана ша гича а, я цара ша вийцича а хIумма а ца хеташ. ХIара фасикъ нехан уггар доккха дозалла ду, шаьш латийначу къинах дозалла до цара, шаьш и къа диний ца хуучуьнга а дуьйцу цара: «Хьенех, ас иза а, важа а ма дина», - бохуш! Ткъа кху тайпа нах кхин нис а ца ло, тобанан новкъа уьш ца нисболуьйту, дукха хьолехь тобанан некъ дIакъовлу царна».
[Ад-да́у вад-дава́у, агIо: 90]
https://hottg.com/Ibn_Kayyim
>>Click here to continue<<