TG Telegram Group Link
Channel: 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐
Back to Bottom
Со цхьалха вац, Аллахl ву соьца.
Хьох цхьа а ца кхеташ хила йиш ю, хьо Кхоьллинарг воцург! Цуьнга балхабе хьайн бала берриг а!
Forwarded from MOMSAR
«ХӀора ша "бусулба динан гӀуллакх дан лууш ву", "ва бусулба нехан хьал бахьанехь вогуш ву со" бохарг, цул тӀаьхьа хӀора дийнахь цхьа хан билгал а йина кху бусулба динан ша пайде хилийта шен дегӀ, са кхиош вацахь, иза веккъа хабарча ву, деса къамелаш деш ву, йа цо дуьйцучунна цхьа мах а бац.»

© Шайх СултӀан ал-Ӏумайрий
Forwarded from MOMSAR
«АллахӀана ша войзуш воллушехь, нахана шегахь доцарг ду муттуьйтуш, царна хаза вала гӀиртинарг АллахӀа эрчавоккхар ву.»

© Ӏумар ибн ал-ХаттӀа́б
дика агlо ю шуна и лакхарниг
Forwarded from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 (Хьафса)
Со жима йолуш, 5-6 шо хилла хир ду сан, вилспет ца хохкуьйтура соьга. Нана кхоьрура суна тlе машен тохарна. Цундела кертахь бен хахка йиш яцара. Цкъа охьа а кхетта, пхьарс цlих буьзна еънера со.

Цул тlаьхьа со жимма йоккха хилча, сан 8-9 шо долуш, тхайн ненахошкахь, урамехула вилспет хоьхкуш яра со. Инзаре сатийсинера ас и хахка. Ца мега аьлча кхин а сов дага ма духий берашна. Халла магош хан тlе а еана, хоьхкуш йолу, новкъа йогlу зудчо, цхьа шога: «Хьо йоl ма ю, ахь хlун до вилспет хоьхкуш?», - элира соьга. Цу тlера охьа а йоьссина, кхин тlехаа ца яьхьаш цунах, вилспет теттина чоьхьаяккха дийзира сан.

Аллахlа диканца бекхам бойла цу зудчунна! Со мел жима хиллехь а, цунна иштта лиънера-кх! Йоlе вилспет ца хахкийта лиънера цунна, цундела цо со, шен йоl йолуш санна, охьайоссийра!

Иштта болу баккхийнах оьшура вайна! Шайн, нехан бохуш, къеста а ца беш кегийнаш, нийса доцург шайна цхьаьнгахь гича, и нисвеш болу!

#дагалецамаш
Forwarded from 𝒊𝒄𝒉𝒂𝒓𝒌𝒉𝒐 (сан бот)
​​Цхьана воккхачу стага аьлла:

«Доьзалехь къовсам белахь, берашна тlе а ца хlуттуш, зудий, майрий вовше тlехlотталаш. Хlунда аьлча шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гlерта шун доьзал».
https://tlgg.ru/so_icharkho
Хlай Аллахlана lеса нах! lеха ма лолаш, шайна Аллахlа хlинца а таlзар ца динера аьлла! Шу Цунна дезаш хиллехьара, Цо къиношха юхатоьхна хир дара шу!

Хьасан Ал-Басрий
- «Пазаташ» 🧦 хlун ю хаьий хьуна? - бархl шо долчу бере.

- Вай хlинцца йиънарг ю-кх🍈 (йиънарг паста яра)
Forwarded from ан-Нур
Рузба тӀехь ду дера мичча вахча а, цӀахь волу Дела волуш ма ву Москва вахча а! Ткъа кхузарчарна тӀаьхьахӀоьттина дан мегар дац бохучаьрга ахь ладегӀахь тӀаьхьахӀотта мегаш стаг ван а вац, уьш шаьш цу рузбане баха, я ламазе баха карх долуш боцу дела иштта шайна атталлина бахьанаш ду цара лоьхурш, цаьрга ла а ца доьгӀуш хьайн рузба де, Дала хьоьга хоттур дац хьан имам мила ву рузбанехь, Дала хьоьга хоттур дерг - ахь рузба дирий, аьлла, хир ду.
Forwarded from ан-Нур
Рузбни вах карх ца даьлч олш хум ду и, циг ма г1о оли🤣
МУТA١ЕЛАМАХ ШАЙХ МА ВЕ, ВИТА ИЗА ШЕН ١ИЛЬМА ١AМО!

Мутаlеламан ша шех Шайхуль-Ислам тарлура волчу кепара иза хьесторах, я иза вазарах ларлолахь, ахь иза дахь lильма lаморан некъ галбоккхур бу ахь цуьнан, букъ каггора бу ахь цуьнан, lильма lаморехь йолу сутаралла а дlа йоккхур ю ахь цуьнан.

Иштта хьайна а зе дийра ду ахь эца хьолехь, жима lильман lам чу вижан, даккхий lильман хlорданашха гена ваьлла, вехаш хира ву хьо айхьа цу белхан само ца яьш!
Forwarded from ИСЛАМАНСЕРЛО
This media is not supported in your browser
VIEW IN TELEGRAM
ВаллахIи_ хIара санна денош дан ма дац
Ветрянка кхеттачух тера ду суна, цунах лаьцна ешна-ешна, ас боху нене хlара а, важа а хила мега сайна, интернето боху иштта.

«Аллахlа бохуш ма даций и», - боху сан нанас.))

шархь: аьлча хlун ду интернето, лоьро, пхьеро, Аллахlа хилийтича бен, Цуьнан лаамца бен хlумма а хир дац!
сайн нанас аьлларг дерриг хаза хета суна, къаьсттина нийса lакъидатан дешнаш.))
сан хьоме Фажр https://hottg.com/ArabicCenterFajr 💕

цхьа а моттаргlанаш йоцуш, цхьа а шаьш хестор доцуш, даго къобалъеш, цlена меттиг ю хlара lарбойн мотт lамо луучарна
Please open Telegram to view this post
VIEW IN TELEGRAM
HTML Embed Code:
2024/06/09 13:18:33
Back to Top